ХЬО МАРША ІОЙЛА (СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД)
ХЬО МАРША ІОЙЛА Диц ма де: хьо хир йу Сан деган эла, Со воьду валлалца Хьо йоцчохь лела. Хьайн делахь, Дог хьостуш, Тlаьххьара дош ала, Вай вовшийн кхин гур дац, Хьо марша lойла. Бешара мох тийна, Декаш ду хьоза. Хастам беш йиллинчу Хене хьо йарна, Стиглара седарчий, Нур Ӏенош, кхозу. Вайшинна айкх довлахь, Эхь деца царна. Буьйсанна серло лун Беттаса санна, Хьо йар-кха сан серло Йерриг а ханна. Сан деган беттаса Ца кхета дуьзнехь, Сан гIийла дог-ойла Хуур-техь хьанна? Дешица хи доккхуш Говзачу пхьеро Дети тӀехь диллина Беттан сурт санна, Cан даг тӀехь йазйина Хьоме цӀе хир йу Дуьненчохь ас йаккха Йисинчу ханна. Диц ма диэ: хьо хир йу Cан деган эла. Воьду со валлалца Хьо йоцчохь лела. Хьайн делахь, дог хьостуш, Тlаьххьара дош ала, Вай вовшийн кхин гур дац. Хьо марша lойла. Сулейманов Ахьмад телеграм 👇🏻
Название:
ХЬО МАРША ІОЙЛА (СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД)
Категория:
Разное